Дата23.12.2017
Размер9.57 Kb.

Ас безам дIахоьцу Делха а, дека а дац…Дуьне мел ду



Ас безам дIахоьцу
Делха а, дека а дац…Дуьне мел ду

Ас безам дIахоьцу…Кхерста ма тов хьо…

Тешам а хиллийца мацца а гIеллуш,

Сан хьоьца хир дац кхин я тар, я дов а.


Ма кхера, ас духьалдохур дац хьуна,

Хьан некъ ца хилийта сайн деса ведарш…

ХIинцачул тIаьхьа хIун бен дара суна,

Хьан IиндагI сан некъийн лораха легарх.


Ас сий деш айъинчу хьан воззалора

Ас ният до хьуна, доIийца чIагIдеш,

Сан безам хIуттур бац кхин хьуна гора,

ХIинццалца хиллехь а и дош ас къардеш.


Дицделахь сан бIаьргаш, цкъа хьайга хьежна,

Дуьненахь, хьо бен, кхин хIума дац моьттуш.

Сан гIайгIа хьанал еш, цкъа маццах хьегна,

Хьо паргIатвуьту ас, хьал-де ца хоьттуш.


Хьан безам – тишбелла сайн къархаш санна,

Цкъа маццах хиллехь а когашна аьхна,

СагIа деш ас хьуна яйинчу ханна, Багийна,

тхайн цIийнан тIехьа а баьхьна.


Амма ва…хьох яха йисина ойла,

(Ца хIутту соьга и кхин хIума деха),



Дагна бен ца хазош: «Хьо марша гIойла!»,

ТIехоьрсуш деман цинц, ас йоккху кеха.

Коьрта
Контакты

    Главная страница


Ас безам дIахоьцу Делха а, дека а дац…Дуьне мел ду