• Чеченская литература Тема: «
  • Билгалбаьхна кхиамаш
  • Урок д1аяхьар. 1.Ц1ера болх таллар.
  • 3.1алшо йовзийтар
  • 5.Сада1аран миноташ. 6.Керла тема кхин д1а а хьехар. а)Бераша д1адоьшу туьйра. аь)Бераша кийчачу плпнпца схьадуьйцу туьйра.
  • 1.Гезарий ежаш ю. 2.Цхьа гай долу, ши гай долу, кхо гайдолу гезарий д1акхоллу барзо. 3.Нана-газанан толам.
  • 7.Жам1 дар.

  • Скачать 159.08 Kb.


    Дата04.12.2017
    Размер159.08 Kb.
    ТипУрок

    Скачать 159.08 Kb.

    «Газа-г1ьзалггий, сира борззий» туьйра



    Чеченская литература

    Тема: «Газа-г1ьзалггий, сира борззий» туьйра.

    1алашо: нохчийнхалкъан барта кхолларалла кхин д1а а йовзийтар, «Газа-г1ьзалггий, сира борззий» туьйра довзийтар;нийса а, кхеташа туьйранаш деша 1амор, ойлаяр тидам бор кхиор.

    Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хьаьр ду халкъан амал д1а гойтуш ,кхеташ туьйранаш деша,берашна хуур ду туьйрана хьекъалах кхета.Берашна хуур ду шайн дешнашца туьйранаш схьадийца.Берашна хуур ду кийчачу плпнпца туьйра схьадийца, берашна хуур ду туьйрана чулацам талла, цунах пайде шайна дерг ган, зуламе дериг ган, цунах ларвала.



    Урок д1аяхьар.

    1.Ц1ера болх таллар.

    Бераша схьдуьйцу «Майра пхьагал» ц1е йолу туьйра.



    2.Дешаре шовкъ кхоллар.

    Кица «Сихалло са даьккхина , собаро лам баьккхина»

    -Муха кхета шу цу кицанах?

    хьекъал.

    Цхьана ден кхоъ к1ант хилла.Цо ша леш к1ентий т1е а кхайкхина цаьрга аьлла «Сха а бай каггабе нуй».Волла нуй кагго воккханиг , ца кагбелла.Воьлла нуй кагго юккъерниг , ца кагбелла.Воьлла нуй кагго жимахверг, ца кагбелла.Т1аккха аьлла дас «Нуй д1а бастий , х1ора г1аж ша-ша кагбе». К1енташа атта каггийна д1абаьккхина нуй.

    дас хьекъал делла к1енташна «Нуй санна шу цхьана хилахь шу эшалур дац цхьангга, амма г1ожамаш санна шу вовшех къастахь наха атта х1аллакдийр ду шу»

    3.1алшо йовзийтар

    -Муьлха туьйра доьшур ду вай тахана?Х1ун болх бийр вай и туьйра 1амош? План х1оттаел шайн белхан.

    Суна девзар ду…

    Суна 1емар дуу…

    Суна хуур дуу…

    -Вай тахана д1адоьшур ду керла туьйра «Газа-г1ьзалггий, сира борззий»



    4.Керла тема кхин д1а ахьехар.

    а)Хьехархочо д1адоьшу «Газа-г1ьзалггий, сира борззий» ц1е йолу туьйра.

    аь)Чулацамах къамел дар.

    -Стенга яханера нана-газа?

    -Х1ун яра цуьнца?

    -Муьлханиг юзна дуьххьара?Цо х1ун аьлла ши гай долчунга?

    -Муьлханиг юьзна шозлаг1а? Цо х1ун аьлла кхо гай долчунга?

    -Муьлханиг юзна кхоалг1а? Муха йог1уш хилла а и ц1а?

    -Х1ун яьлла цунна дуьхьала?

    -Цо х1ун аьлла газане?

    -Муха жоп делла газано барзе?

    -Муьлханиг тоьлла цу къовсамехь?

    -Муха хета шуна нана-газа?

    -Дахарехь хила тарлой ишттани?

    5.Сада1аран миноташ.

    6.Керла тема кхин д1а а хьехар.

    а)Бераша д1адоьшу туьйра.

    аь)Бераша кийчачу плпнпца схьадуьйцу туьйра.

    1.Гезарий ежаш ю.

    2.Цхьа гай долу, ши гай долу, кхо гайдолу гезарий д1акхоллу барзо.

    3.Нана-газанан толам.

    б)Туьранан таллам бар.

    -Хьанна хаьа шуна х1ун ю туьйра? (Дийцар ду бакъ хила йиш йоцуш)

    -Бакъ хила йишйоцуш х1ун ду вай дешначу туьйранан? (газано , барзо хабар ца дуьйцу; газанан ши гай, кхо гай ц а хуьлу)

    -Лакхара хьекъал кху гезаршна дог1ий?

    -Уьш цхьцца а ца йог1уш цхьани яьхкинехьара ц1а , уьш эшалур ярий барзе?

    -Х1ун хьоьху шуна туьйрано? (Массо адам барт болуш хила деза)

    7.Жам1 дар.

    -Муьлха туьйра девзира шуна? Х1ун дара гуттар ахазделларг?



    -Муьлха кица дог1 кху пхагална?

    8.Ц1ахь.

    Схьадийца туьйра «Газа-г1ьзалггий, сира борззий»

    Коьрта
    Контакты

        Главная страница


    «Газа-г1ьзалггий, сира борззий» туьйра

    Скачать 159.08 Kb.