• М1амайн гаран цхьа дакъа.

  • Скачать 238.74 Kb.


    страница1/4
    Дата14.01.2018
    Размер238.74 Kb.

    Скачать 238.74 Kb.

    Хьалхара дош


      1   2   3   4

    БисмилЛах1ирРохьманирРохьийм!

    Хьалхара дош

    1944-чу шарахь, д1абохор бахьан долуш дуккха баларш, зенаш хилла вайн массарна а. Баккхий нах д1абовлар, дуккха а жайнеш а, тептарш дагор бахьан долуш таханна дайх ала дош дайна дуккха нах бу вайна. Цундера, 1999-чу шарахь, боьдуш т1ом а болуш со вола велира мелла а бух ахка, бакхийчарна т1е а лелаш, цара дуьйцург д1а а яздеш.


    Дуккха к1орга ахька ца бели вайн бух, х1унда аьлчи, 1957-чу шарахь, Казахстанера а, Киргизера а ц1абаьхкина баккхийчарга хатта а, д1аяздан а цхьаъ хиллихьара а дика х1ума гулделла хирдара… Ткъа вовшахкхеттарг, лахьахь шуна гур ду…

    Йоккхачу Атаг1ара вашандаройн тайп (юьртан лаххьа юккъераниш) деа гар бекъалуш бу (схьадийцин - Мутушев Борзгас, 1999 ш.)



    1) М1амайнгар (Ахмадовхар, Абдурзуковхар, Абдулкадыровхар, Якубовхар, Баудиновхар, Даудовхар, Ибрагимовхар (Балаевхар), Дедишовхар, Бакашовхар, Закраиловхар, Дункаевхар)

    2) Жамагар (Насухановхар, Хамзатовхар, Башировхар, Дикаевхар, Юнусовхар, Умиевхар, Бибаевхар, Джамалдиновхар)

    3) Одамгар (Арсанукаевхар, Атабаевхар, Вашаевхар, Идалбаевхар, Мутушевхар, Мусаевхар, Матиевхар, Инаркаевхар, Самбиевхар, Махмадовхар)

    4) К1айн куйнаш болу Мусиповхар (церан гар муьлха ду сунна ца хаа).

    «Сохур некъе» бохуш ду цхьа х1ума хезна дуьйцуш. И «Сохур-корт» олуш йолу мекттиг Улус-Кертахь ю, вашандаройн а ю. (Топономия Чечни).

    Сохурнекъан юккъадог1уш и хьалхар кхо гард у, я М1амайнгарна юккъехь и Сохурнекъе бу къасто дезаш.


    "Топономия Чечни" бохучу книганнат1ехь яздина ду, Зонахь болу вашандаройн гараш: жамагар, мӀамайнгар, одамгар.

    Борзгас дийцинарш уьш хиллачух тера ду, "м1омукгар" - "м1амайнгар", "замсагар" - "жамагар", "удамгар" - "одамгар".

    Вовшахтуг1уш г1о динчарна Дела реза хийла, уьш бу:

    1. Дедш Ибрах1иман к1ант Рамзан.

    2. Рамзана к1ант Аслан.

    3. Бакш Мохьмада к1ант Олхазар.

    4. Олхазаран к1ант Асланбек.

    5. Мутушов Маджид к1ант Борзг.

    6. Юнусов Супьян.

    7. Юнусов Харонах йисина Матуса.

    8. Хамзатов 1аловди.

    9. Ахмадов Абу-Бакр

    10. Юнусов Ризван

    11. Тайсумов (Юнусов) 1умар

    12. Якубов Сайд-Селим

    13. Абдурзуков 1алви

    Царех беллачарна Дала геч дойла!

    Х1окху белхан хьалхе схьалаха езаш ю, т1аьхье д1аязйан езаш ю.

    Вовшах тоьхнарг: 1усмана Лeчин к1ант 1иса (Балаев Иса).


    Болх буолийна 1999-чу шарахь, таьххара хийцамаш хилла 06.09.2013-чу шарахь.

    М1амайн гаран цхьа дакъа.


    

    

      1   2   3   4