• «Зударийн ц1арах до ас къамел…»
  • Д1адолор……………………………………………………………………………..аг I о 3 Казахстанехь хиллачу дахарх лаьцна…………………………..аг1о 5
  • «Даймохк» байт……………………….………………………………………аг1о 8 Кхоллараллех дош…………………………………………………………….аг1о 9 Йина, кхиъна керт……………………………………………….…………аг1о 10
  • Безаман лирика……………………………………………………….……..аг1о 17 Мукъаме евлла байташ…………………….………………………….аг1о 18 «Нене»………………………………………………………………………………аг1о 19
  • Мехкан 1аламах дош……………………………………………………..аг1о 21 «Хаьржинарш» поэмийн гуларш…………………………….……аг1о 23 Д1адерзор…………………………………………………………….………….аг1о 25
  • Пайдаэцна литература……………………………………..……….аг1о 27 Приложенеш…………….………………………………………….………..аг1о 28 Д I адолор
  • Зама , со сих ма е Алазчу дашна ,- Атта яц хьан ирхо , Мохь
  • Суо лелар йоций ,- Ихначу шерашна Там беш , д 1 атесна Ас дуьтур



  • страница1/16
    Дата22.12.2017
    Размер5.7 Mb.
    ТипИсследовательская работа

    Исследовательская работа «Зударийн ц1арах до ас къамел…»


      1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   16

    Департамент образования Мэрии города Грозного

    XI городская научно-практическая конференция школьников



    «Шаг в будущее – 2017»

    Направление: Социально - гуманитарное

    Секция: «Чеченская литература»

    Исследовательская работа



    «Зударийн ц1арах до ас къамел…»

    (Ахматова Раисин поэзех дош)

    Автор: Зубхаджиева Эдита,

    учащаяся 11-б класса

    МБОУ «СОШ № 60»

    Руководитель: Илясова Д.Х.

    учитель чеченского языка

    Грозный


    2017

    Д1адолор……………………………………………………………………………..агIо 3

    Казахстанехь хиллачу дахарх лаьцна…………………………..аг1о 5

    «Даймохк» байт……………………….………………………………………аг1о 8

    Кхоллараллех дош…………………………………………………………….аг1о 9

    Йина, кхиъна керт……………………………………………….…………аг1о 10

    Безаман лирика……………………………………………………….……..аг1о 17

    Мукъаме евлла байташ…………………….………………………….аг1о 18

    «Нене»………………………………………………………………………………аг1о 19

    Мехкан 1аламах дош……………………………………………………..аг1о 21

    «Хаьржинарш» поэмийн гуларш…………………………….……аг1о 23

    Д1адерзор…………………………………………………………….………….аг1о 25

    Пайдаэцна литература……………………………………..……….аг1о 27

    Приложенеш…………….………………………………………….………..аг1о 28

    ДIадолор

    «Хьомечу махкана

    Сайн ницкъаш д1абала,

    Со кийча ца хилахь,

    Д1аэца лаьттара
    Х1ора стага Дала шена деллачу дахарехь нахана пайдехьа дан дезаш сийлахь г1уллакхаш ду. И г1уллакхаш цунна т1едехкина а ду. Доккха пох1ма а долуш волчу поэтан кхоллараллин к1орге мел г1оьрти а билгалдовлу лакхахь вай аьлларг. И поэт ваьхначу заманан поэзи йоьшуш даим а коьрте хьийза ойланаш: заманан хат1, цуьнан лехамаш, цуьнан социальный, политический а чулацам, цара нисдина, я дохийна стеган дахар, оцу заманан турпалхой-уьш а, цуьнан кхин дуккха атамаш х1ора, юха а аьр вай, доккха пох1ма долчу поэта шатайпа гойту, шен кхоллараллехь шайн заманахь шаьш ма-хиллара «сацайо», т1ахьа гойтучу т1аьхьене кхийдайо. Кхечу поэташна оцу дахаран хазаллаш, чолхенаш гар кхечу аг1ор хуьлу.

    Масална кхин а дагадоуьйтур вай: XIX-чу б1ешеран шолг1ачу эхенахь-ХХ-чу б1ешеран юьххьехь Нохчийчохь онда кхиира социальна-политически лирика. Цуьнан чулацам берриг а аьлча санна набахти чувоьллина, каторге, ссылке вахийтинчу стеган дог-ойла гойтуш бу, аьлча а оцу стагана (т1ехьийза к1ант, да, ваша) йо1а, нанас, йишас сагатдарх боьзна бу. И тайпа лирика цхьана Нохчийчохь кхоллаелла ца 1ара билгалдаьхначу шерашкахь-иза шуьйра яьржина яра оьрсийн, кхечу къаьмнийн дахарехь, цу т1ехь дуьйцуш дерг паччахьан 1едалан векалша къахьоьгуш воллучу стагана бинчу ницкъах лаьцна дара. Ткъа Нохчийчохь цу тайпанчу лирикин авторш, аьлла ма-хиллара, зударий бара. Цара шайн дегнашкахула чекх а яьккхина гайтина оцу заманан къизалла.



    Зама, со сих ма е

    Алазчу дашна,-

    Атта яц хьан ирхо,

    Мохь беза хилча.

    Елхьара йог1учу

    Заманна кхиъна,

    Хаахьара юьхь1аьржа

    Суо лелар йоций,-

    Ихначу шерашна

    Там беш, д1атесна

    Ас дуьтур дара сайн

    Сихаллин дешнаш
    Амма цара а кхоччуш тешадо вай: зударийн лирика Нохчийчохь шен шортта идейни а, исбаьхьаллин а зеделларг долуш хилар. Оцу зеделлачух пайда а оьцуш шуьйра яьржина Нохчийчохь ХХ-чу б1ешеран 30-чу шерашкахь 1илманехь шайх «Сказательницаш» олуш йолчу зударийн кхолларалла. Царна юкъахь бара Мунаева Саибат; Муртазалиева Кемиса. Анзорова Балкан а.

    Цара шаьш яьхначу эшаршкахь, язйинчу стихашкахь дуьйцург халкъо дукха сатийсина еанчу парг1атонах лаьцна дара, церан турпалхо и дахар тодеш, хаздеш, оьшучу хенахь Даймахкана г1арол дан д1ах1отта кийча волу къонаха вара.

    1946-1954-чуй шерашкахь Казахстанехь Кушмурун станцехь юьхьанцарчу классашкахь хьехархочун болх бинчу Раисина дика девзара мацаллой, махкаллой, коменданташа бечу ницкъой г1елдинчу шен халкъан дахар. Сема а, экаме а дог долчу цунна синпхенах детталора колхозийн, зударийн эшарийн зевне аььзнаш, иза цецьюьйлура царна карочу исбаьхьаллин басарийн шорталлех: ша- шен халкъаца цхьаьна ц1ераяккхале а стихаш язъян йолаеллачу цунна эшарш лоькхучу зударша, зудабераша говза олучу исбаьхьаллин дешан хама бан хаьара.

    Иза царех 1емара муха яста еза дагахь гулъелла оойланаш, муьлхачу исбаьхьаллин басаршца къаго еза ша кхуллуш долчу вастан амалан аг1онаш.



    Ткъа х1ун темаш ю цуьнан хьалхарчу «хьоме Республика» юкъаяханчу стихийн? Уггар хьалха, кхечу нохчийн поэтийн санна, цуьнан са а, ойла а д1алаьцнарг хьоме Даймохк бу, цуьнан кхоллам, цунах къаьстинчу хенахь хилла дега1ийжам, кхойтта шарахь цунна гатдина са, цунах д1акхетча ц1еххьана парг1атдалар и. д1. кх. а.
      1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   16

    Коьрта
    Контакты

        Главная страница


    Исследовательская работа «Зударийн ц1арах до ас къамел…»