• Урок д1аяхьар. 1.Маршалла хаттар. 2. Дешаре шовкъ кхоллар Дог 1 у дош ала
  • 3.1алашо йовзийтар -Х1ун 1амор ду в ай урокехь -Книги т1е хьовсуш план х1оттор ю вай белхан.
  • 4.Керла тема хьехар. А)Аз а, элп а Ээ довзийтар
  • -Хьан эр дара аз (Э ) хьалха долу дешнашЮккъехь долу дешнаш.Чаккхенгахь Стенах тера ду элп
  • Фонетически зарядка
  • Книги т1ера д1адоьшу дешдакъош. В) Дешнаш дешар. .Массара цхьана дешар. .Ша-ша дешар. 5.Сада1аран миноташ.
  • .Керла тема кхин д1а а дьехар. А)Дийцар «Эса дешар)
  • Б)Тобанашкахь болх.
  • Б) «Пису» дийцар дешар.

  • Скачать 55.83 Kb.


    Дата14.01.2018
    Размер55.83 Kb.
    ТипУрок

    Скачать 55.83 Kb.

    Урокан ц1е: Аз а,элп а Ээ (Э ) 1алашонаш



    Дешаран урок (30)

    Урокан ц1е: Аз а,элп а Ээ (Э )

    1алашонаш:

    1.Предметни:Аз а, элп а Ээ довзийтар, мукъа хилар хаийтар, Э элп юкъадог1у дешнаш деша 1амор, предложенеш еша 1амор.

    2.Метапредметни:


    • Регулитивни:шеен белхан план х1отто хаар, цу планан рог1аллица дешаран корматалла караерзор.Шен кхиамех , кхачамбацарех кхетар.

    • Познавательни: Гуш долчу суьрташна т1ерачу х1уманех лаьцна йог1у схеманаш х1итто 1амор .

    • Коммуникативни:Хьехархочун хаттаршна жоп далар к х иор.Ойлаяр , тидам бар кхиор.. Тобанашкахь болх бар кхиор. Хьехархочо т1едиллинарг кхочушдан лаам кхиор, шеен наъосташка ладог1а, уьш хаза 1амор.

    3.Личностни:Нохчийн мате безам , 1аламе безам кхиор, 1алам лардан лууш ойла кхиор.

    Урок д1аяхьар.

    1.Маршалла хаттар.

    2. Дешаре шовкъ кхоллар
    Дог1у дош ала

    Х1инца божал дац тхан де

    Атто дина тхуна .... (Эса)
    Сарралц арахь идда лелла

    Бекъа еа сагатделла.

    Шек ма яла, ч1ама бекъа,

    Лур ас хьуна мекхан.... (Экъа)


    Хьоьца ловза бац и бакха,

    Ду и дера хьуьнан... (Экха)


    Боцуш муьста, баа томехь,

    Хуьлу цуьнан мерзо чам.

    Ша-тай па ма бу и хьамц

    Олушду цунах .... (Элхьамч)


    Эса

    Эса, эса, аьттан бер,

    Ловзае ахь эсал берг,

    Бацалахь д1ахьежа хьо,

    Дуьзча, д1а а дижа хьо.

    Де шелделча, г1аьттина,

    Буц юур ахь теттина,

    Шийла шовда т1емелла,

    1аьхар хаза «му - у -1 -1!» - аьлла,

    Сарахь далий, хьо д1аг1о,

    Нана хир ю хьо дакхо.

    (С. Гацаев)


    3.1алашо йовзийтар

    -Х1ун 1амор ду в ай урокехь?

    -Книги т1е хьовсуш план х1оттор ю вай белхан.

    1.Аз а, элп а Э девзар ду

    2Дешдакъош доьшур ду.

    3.дешнаш доьшур ду .

    4.предложенеш йоьшур ю.

    4.Керла тема хьехар.

    А)Аз а, элп а Ээ довзийтар

    -Х1ара х1ун ю?(Эса )

    --Муьлха аз хеза эса дашна хьалха?(Э)

    -Алал, (Э) мукъа ду , я мукъаза ду? Зевне ду , я къора ду?

    -Схеми т1ехь х1ун бос бу цуьнан?

    -Маса дакъа ду пола дешан?

    -Х1ара х1ун ю? (Эмкал )

    -Мича меттехь хеза аз (Э)?

    -Маса дешдакъа ду пийл дашехь?

    -

    -Х1ара зорбанан доккха элп Э ду, х1ара зорбанан жима элп э ду.И шиъ цхьатера ду , я тайп- тайпана? Стенах тера ду элп Э ?



    -Хьан эр дара аз (Э ) хьалха долу дешнаш?Юккъехь долу дешнаш.Чаккхенгахь?

    Стенах тера ду элп?

    Секха1ад сайн караэцна,

    Талла ваха со,ког хецна. 1

    1ад ас дуьйли, озош пха,

    И-м ца бели меттах а.

    Соьгахь хилларг Э элпхилла,

    Дира суна цо и х1илла.
    Фонетически зарядка

    Ца хууш карара охьа а йоьжна, пхьег1а йоьхча х1ун ола?

    («Эх1..»)

    Б) Дешдакъош дешар

    Хьехархочо элп Э д1агойту, цунна улло х1иттадо мукъа за элпаш.Т1аккха (Э) олуш долийна аз ца хадош д1адоьшуьйту дешдакъош.

    ЭЭЭ

    ЭЭЭВВВ


    ЭЭЭММ

    ЭЭЭТТТ


    ЭЭЭСС

    -Х1инца шайн книги т1ера д1адеша и дешдакъош.



    Книги т1ера д1адоьшу дешдакъош.

    В) Дешнаш дешар.

    .Массара цхьана дешар.

    .Ша-ша дешар.

    5.Сада1аран миноташ.

    Шура

    Бераш: Поллнна шура елла

    Реза яц шурина Полла.

    Полла: Езац суна шун шура

    Лойша даа худар.

    Бераш: Оцу шурин меттана

    Худар дели Поллина.

    Полла: Дезац суна деккъа худар,

    Аш ца елча цуьнца шура.

    Бераш: Хударх тоха кхин ашура

    Хьалха йилли Поллина.

    Поллас худар дии, дии,


    Цу т1е шура мели, мели.

    Х1инца иза йиъна ели.

    Полла: Беркат шорта хуьлда!

    Бераш: Цо массарна эли.

    6.Керла тема кхин д1а а дьехар.

    А)Дийцар «Эса дешар)

    -Стенах лаьцна ду дийцар?

    -Хьенан ду эса?

    -эсо х1ун юю?

    -Хьан ло аттана , эсана хи?

    -Эса муха ловзу?

    Схьадийца и дийцар.

    Б)Тобанашкахь болх.

    1.Караде сурт .( аг1о 65)

    2.Цхьана дашах масийтта кхолла.(аг1о 65)

    7, Рефлекси.

    -Х1ун керланиг 1еми шуна?

    -Муьлха элп девзи шуна?

    А) Дийцар х1оттор.

    -Х1ун ю суьрта т1ехь?(Пису)

    -Пису муха ду?(Хаза, эсала, месала)

    -Писуна х1ан гина ?(полла)

    -Шун дуй цицигаш?Аш уьш муха 1алашдо?Писх лета мегар дуй?

    Схьадийца дийцар.



    Б) «Пису» дийцар дешар.

    -стенах лаьцна ду дийцар?

    -Хьенан ду Пису?

    Физминот

    Шура

    Бераш: Поллнна шура елла

    Реза яц шурина Полла.

    Полла: Езац суна шун шура

    Лойша даа худар.

    Бераш: Оцу шурин меттана

    Худар дели Поллина.

    Полла: Дезац суна деккъа худар,

    Аш ца елча цуьнца шура.

    Бераш: Хударх тоха кхин ашура

    Хьалха йилли Поллина.

    Поллас худар дии, дии,


    Цу т1е шура мели, мели.

    Х1инца иза йиъна ели.



    Полла: Беркат шорта хуьлда!

    Бераш: Цо массарна эли.

    Коьрта
    Контакты

        Главная страница


    Урокан ц1е: Аз а,элп а Ээ (Э ) 1алашонаш

    Скачать 55.83 Kb.