Скачать 51.95 Kb.


Дата19.11.2017
Размер51.95 Kb.

Скачать 51.95 Kb.

Юьхьаьнцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехаран хьелаш



Юьхьаьнцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехаран хьелаш.
Заманан йохаллехь халкъашлахь зеделла, ч1аг1делла д1ах1оттина схьадог1уш ду: адамийн хаарш гул а лур дац, ч1аг1 а лур дац кхачо йоллуш хьоьхучо д1алуш, д1акховдош дацахь.
Изза хьелаш кхочушдо вай кегийчу берашна т1ера кхиазхошна т1е кхаччалц.
Бакъду, хьехаран чолхе болх хила ма беззара хуьлийла дац, нагахь санна билламан (образовательные) декхарш т1е ца лацахь, уьш кхочуш ца дахь.
Хьехаран декхарш дукха ду. Уьш массо хенахь дуьйцуш ду. Заманан хьелашка хьаьжжина, керланиг юкъа а дог1уш, хийца а луш ду. Дахарехь юкъадог1учу керлачуьнца цхьаьна кхиа везаш хьехархо а ву.
Дешархона хьалха х1уттуш волу муьлхха а хьехархо шегара эца масал долуш хила веза, оьздачу маттаца а, дикачу г1уллакхашца а, хазачу г1иллакхашца. Бакъволчу хьехархочуьнгахь хила дог1уш хьакъ ду иза.
Хила дезарш а, оьшуш долу цаторийлаш а вай тоьъачу барамехь йийцина, денна юьйцуш а ю. Ала лаьа, юьхьаьнцарчу классашкахь нохчийн меттан хьехаран а, хьехархойн хьолах лаьцна.
Гуьйренан каникулашкахь Соьлжа-Г1алин Мэрин дешаран Департаментан 1илманан методически декъан белхалоша №1 йолчу лицейхь д1адаьхьира 9,11-г1ий классашкахь оьрсийн мотт а, математика а, 4-чу классашкахь хьоьхучу хьехархойн хаарш таллар. Со нохчийн меттан хьехархо хиларе терра, юккъерчу классашка даьхкинчу берийн хаарийн барам лахара хилар тидаме эцна дара сан. Оцу ойланца, 4-чу классашкахь хьоьхучу хьехархойн нохчийн маттаца долу хьал муха ду таллар а д1адаьхьира оха.

Верриге а, юьхьаьнцарчу классашкахь нохчийн мотт хьоьхуш верг 150 гергга вара. 4-чу классан дешархойн хаарийн хила безачу бараме ца кхаьчна хьехархой а бара. Уьш герггарчу хьесапехь 20% бу. Нохчийн меттан хаарш долуш, цуьнан лазамаш а болуш, матте шовкъ ерш а бу. Уьш 60% бу.Теша мел хала делахь а, хьехархойн 5-г1а дакъа нохчийн меттан хаарш доцуш берш бу.


Иштта, 1аьнан каникулашкахь Соьлжа-Г1алин мэрин дешаран Департаментан 1илманан методически декъан белхалоша НП хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институтан нохчийн меттан кафедран куьйгалхо йолчу Дашаева Лайлааца цхьаьна №1 йолчулицейхь д1аяьхьира 9-11-чуй классашкахь хьоьхуш болчу нохчийн меттан хьехархошна экзаменна кечам барна лерина йолу курсаш. Хьалхарчу дийнахь д1адаьхьира хьехархойн хаарш зер, церан ледара долчунна т1ехь, г1о дар 1алашо а йолуш.

50% хьехархойн хаарш кхачаме лара мегар долуш дара. Царех тоьллачара шайна т1елецира хаарш ледар долчу хьехархошна г1о-накъосталла дар.Цу кеппара болх д1абаьхьира декабрь беттан 26-30-чуй деношкахь. Ша санна волчу хьехархочуьнга нисвала ойла йолуш волчу муьлххачу а хьехархочунна дуккха мехала х1ума карийра цу курсашкахь. Шаьш шайна т1ехь болх бан беза меттигаш тидаме а ийцира.

Университеташ, институташ яьхнехь а, ненан маттах долу хаарш лахара долу хьехархой хилар хаало, х1унда аьлча юьхьаьнцарчу клаасашкахь ненан мотт хьоьхуш болчу хьехархошна юкъахь хьехархойн институташ, колледжаш яьхнарш к1езиг бу.

НПУ яьккхина и хиларх, хьехархочунна юьхьанцарчу классийн методика ца хаьа. Берийн хенийн башхаллаш тидаме эца езаш хилар а ца девза. Нисло, нохчийн мотт к1езиг хууш болу хьехархой а я хаъане ца хууш берш а.

Юккъерчу классашка уьш бевлча, хьехархо царна элпаш 1амор, уьш къастор а дийца дезаш хуьлу. Ешарца долу гергарло, текст т1ехь болх бар дешархошна девзаш дац. Изложени язъяр, текст яцъяран некъаш дийца а ца оьшу.

Х1окху белхан ойла йича билгалдолу: нохчийн маттахь зорбанера арадолуш долу берийн журнал «Стела1ад» бен дац. «Орга» ц1е йолу журнал, «Даймохк» ц1е йолу газета доьшуш берш к1езиг бу. «Хьехархо» газетана язлуш хьехархой белахь а, мотт шарбан некъаш лоьхуш вверг к1еззиг бен вац.

70-80-г1ий шерашкахь, вайна ма хаъара, книгашъешархой библиотекехь рог1ехь бара. Тахана вайн дешархой а, церан дай-наной а, я нохчийн а, я оьрсийн а литература йоьшуш бац. Велахь а, наггахь бен ца нисло. Бакъду, нохчийн мотт т1орказ чу боьллина и т1орказ даго г1ерта зама-м яра иза.

Таханлера дай-наной, оцу заманан бераш хиларе терра, нохчийн матте кхин шовкъ йолуш а бац.

Хьехархочунна доккха г1о-накъосталла хир дара берийн дай-наноша шайн доьзале къоман дозалла а, къоман кхане а маттаца бен хуьлийла доций хаийтича. Ширачу дийцаршца, халкъан туьйранашца, иллийн турпалхойх масалш далош, матте болу безам кхиийна, ларбина вайн дайша йоза-дешар доцчу хенахь а.

Тахана шен болх безаш, шена хьалха шех 1ама деанчу берана хьехаран нийса некъ лаха яккхий таронаш йолуш ву хьехархо. Саццаза НП хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институтан белхалоша д1ахьош курсаш ю. Юкъаяьхкина керла технологиш ю. Уьш хьехархошна йовзийтаран болх а бу саццаза д1ахьош.

Ша нохчийн меттан хьехархо хиларе терра, ненан мотт кхиаран а, хьехаран а лазам шена хиларе терра, боккха тидам т1ебахийтина дешаран а, 1илманан а министр волчу Байханов Исмаь1ил Баутдиновича кхоьллина нохчийн меттан интернет-портал сайт ю. 5-11-чуй классашна лерина нохчийн меттан урокаш кийча ю. Герггарчу хенахь юьхьаьнцарчу классашна нохчийн мотт хьехарна лерина урокаш а кийча хир ю. Оцу сайтах пайдаэцахь, дешархошна и йовзийтахь доккха г1о хир ду берийн кхиам шорбарехь а, нохчийн меттан ПКЭ д1аяларехь а. Тахана цунах доккха совг1ат хилла вайн махкахошна а, дозанал арахь болчарна а.

Юьхьаьнцарчу классехь долало дешархочун дешаре, матте болу безам кхоллабалар. Безамца, говзаллица, кхетачу аг1ор, нуьцкъала дерг т1е ца те1ош д1абахьа беза хьехархочо ша берашца бен болх. Ц1ахь луш болчу белхан барам дешархочун лааме, хааршка хьаьжжина хила беза. Нуьцкъала дерг сиха к1орда до. Йозанан болх бан лаам я хаарш доцчу дешархочунна кхоллараллин болх белча, дас-нанас дакъалоцур ду, цхьаьна бен болх самукъане хир бу.

Ц1ахь беш болу кхоллараллин болх хила беза, йозанан белхаш урокехь кхочушбича дика хир ду. Масала: хьайна девза кицанаш гулде; хьайн урамах лаьцна дийца; хьуна хазахета туьйра; 1аьнан де иштта кх. д1. а.
Нагахь ешарна т1ера вацахь дешархо, юха а, темина герга долу дийцар кхолла ц1ахь аьлла, т1едиллар дан мегар ду. Оцу дийцарехь хьайна билгалдаьлларг суьртаца гайта. И тайпа д1ахьош болу болх а ч1ог1а мехала бу дешархошца: цкъаделахь, ша кхоьллинчу дийцаран муьлхха дакъа девза цунна, сурт диллар говзалла гучуйолу, шолг1а делахь, адам делахь, акхаро елахь, олхазар делахь цу дийцарехь дуьйцург, цуьнан ц1е хаьа, цуьнан амал, дахар девза. Иштта д1ахьош болчу балхо б1еннаш шерашкара дуьйна таханалерачу дийне кхаьчна йолу акхаройн, олхазарийн, ораматийн, сагалматийн, 1аламан, г1ишлонан дакъойн ц1ераш йовза г1о дийр ду.

Жима текст хьехархочо, берашка книгаш д1акъовлуьтий, ша йоьшу, цул т1аьха хаттарш ло:

-Стенах лаьцна дара дийцар?

-Дийцарехь дуьйцург дахарехь нисделла меттиг евзий хьуна?

-Дийцаран автора аьллачунна т1е аьхь х1ун тухур дара?

-Хьуна хуур дарий дийцар кхолла я д1аяздан?

Муьлххачу цхьана хаттарна жоп доцуш вусур вац дешархо. Гайтаман г1ирс белахь (кехаташ, суьрташ) цунах а ч1ог1а г1о хир ду. Шаьш ешначул дика схьайуьйцур ю, текстан барам шо шаре мел дели кхиар а новкъа хир дац.
Кхоллараллин белхаш бан, дахарехь лелачун масална яло дуккха а произведенеш ю вайн яздархоша язйина а. 2-г1а класс схьаэцча: Берсанов Хожа-Ахьмад «Хохийн хас», «Сан хьоме дешархой», «Олхазарш схьадаьхкина». 4-г1а класс-«Узархин х1аллакьхилар» М.Мамакаев, «Жима турпалхо» 1.Ахмадов, «Стенна вара Мурад г1а1г1ане» 1.Чантиев, «Некъ лацар» М. Бексултанов кхин дуккха а.

Дийца дуккха а хир ду, делахь а коьртаниг хьехархочунна ша уроке х1ун 1алашо йолуш воьду хаа деза. Урокан д1ах1оттам а бовза беза(структура урока эр ду-кх вай). Юьхьанцарчу школехь даза дисинарг т1екхио хала ду. Тахана вайна оьшург: муьлхха а вайх тешна, вайна хьалхара араволуш волу дешархо дахарехь шен некъ каро хуур долуш, шена а, шен махкана а пайде валу вахархо хилар ду.


Цхьанна а хаа йиш яц, вайна санна дика, вай вешан нохчийн мотт муха буьйцу, вай цуьнан сий-ларам мел бо, вайна и мел беза.
Ненан мотт кхио а, дайх дисина оьзда г1иллакхаш лардан а Дала кхетам а, хьунар а, доьналла а лойла вайна.
Баркалла ладог1арна.

Коьрта
Контакты

    Главная страница


Юьхьаьнцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехаран хьелаш

Скачать 51.95 Kb.